Ответы на вопрос:
Нана. нена ойла дагчуьра дiаяьлла зама йогiур яц, иза йоцаш йисича а. массо а нана хаза а, оьзда а, комаьрша а, къинхетаме а, собаре а ю. кхин а ма дукха ду-кх цуьнца дика хiуманаш. нана дiаяьлча йоьiан дагтiера зезаг дужу олуш ду вай. дика къант ву, ша цомгуш хилла а бен шен да-наний холча ца хiоттийнарг, олуш ду нохчийн киц. дуьненчу девллача дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна лардеш ду бер ден а, ненан а шега болчу безамо. бер доккху хуьлуш, дозалла а деш, хьоьжа шен дега-нене, ма онда а, массо а хiума дан хууш а ву дада, ма хаза, марза ю нана бохуш. ткъа дас-нанас сатуьйсу шайн берех дика хиларе, шайн хиллачул а гiоле дахар хир дацар те церан бохуш. да-наний ду вай дахаран новкъахь дiадуьгурш. вайн дайша олуш хилла, да-наний маликаш санна ду олий. цара лар а вийр ву, кiелхьара а вокхуш ву. да-наний деза iама, и шиъ дицдан ца деза, тiаьхьа байттамал ца хилийта. вайн дайша къонах зуда ю олуш хилла, сий долуш, де долуш, къоманна тiе беача, шен дахар дiадала а кийча йолчу зудчух. нохчийн къоман актрисо багалова зулайс нохчийн мехкарийн а, зударийн а сий дар схьадогiуш ду боху, геннарчу бiешерашкара.
Популярно: Математика
-
alapova130.07.2022 21:39
-
Хэйллис10.08.2020 12:59
-
SashaGuryewa20.05.2023 08:42
-
777stepan77728.08.2020 01:57
-
Hiipotatohihi23.06.2020 05:36
-
kisuli121.08.2020 06:29
-
po4emy22807.04.2020 03:20
-
ПоляБондарь12.03.2020 16:32
-
vladikkolbaska04.01.2021 05:54
-
tamirisis7sk05.07.2022 08:55