nam0
25.05.2020 01:34
Математика
Есть ответ 👍

В) 1. Зведи подані дроби до найменшого спільного знаменник
4 3
3 7
7 5
і
б)
і
і
21 14
10 15
33 22
порівняй подані дроби.

295
385
Посмотреть ответы 1

Ответы на вопрос:

kaaaarrrr
4,8(41 оценок)

«доьзал» дешан маь1на дан г1оьртича, гучудолу иза «доь» бохучу орамах хилар. «доь шен маь1ница «х1у» дашна гергахь ду. нохчийн маттахь иза дисна х1окху тайпанчу аларшкахь: «доь доцуш вайна», «доьза вайна». и бохург цхьа а лар а йоцуш, т1аьхьадисина цхьа цуьрриг х1ума а доцуш стаг вар ду. доьзал - и доь (х1у) хилар, доь долор ду.

доьзал - иза боьрший, стей ши дино а, шен къоман 1адато а ма бохху, цхьаьна даха а, шайн т1аьхье йоло а вовшахкхетар ду. нохчийн 1адатехь доьзал да-нана, бераш хилла ца 1а. доьзал - иза да, нана, бераш, церан деда, денана, дейижарий, девежарий, цаьрца цхьаьна тховк1елахь, я кертахь 1аш болу чоьхьара кхин гергара нах а бу. доьзалал шуьйра кхетам бу «цхьана ц1ийнан нах бохург. цо чулоцу цхьана дех схьабевлла шича-маьхчаллехь болу гергара нах.

доьзал, массо а декъашхо меттахь волуш, буьззина а, я буьззина боцуш а (т1ера да, я нана д1аяьлла; я ший а д1адаьлла гергарчу стага дола деш) хила тарло. бакъду, доьзал алар нийса хир ду, нагахь цхьаьна дехачу , ц1ийца гергарло хилла ца 1аш, оьздангаллин мехаллех болу кхетамаш цхьатера а, вовшашна юккъехь сий-ларам а хилахь.

доьзал кхоллар а, иза кхетош-кхиор а стагана дахарехь т1ех1уьттучу зерех уггаре коьртачарах цхьаъ ду, х1унда аьлча, дала боху шен сийлахьчу къуръанчохь, ша хаттам бийр болуш кхо х1ума ду: шех а (цо лелийнчух, цуьнан доьзалх а, цуьнан даьхнех а. цундела шен доьзал дас, я нанас охьатасар, я к1езиг х1ума бахьанехь вовшах а къаьстина, шайн берийн дахар дакъаздаккхар доккха къа ду.

доьзал - иза шина аг1ор долу жоьпалла ду: денненан берашна хьалха, берийн дений-нанний хьалха. lен-ненан жоьпалла хьалххехь д1адолало, бер дуьненчу даларца. оцу дийнахь дуьйyа д1адоло дезаш ду иза кхетош-кхиор. бераца доьзна цхьа а х1ума а дац к1езиг. цундела бен а доцуш хьежа мегар дад оцу г1уллакхе.

бер дуьненчу даьлча, цунна ц1е тиллар т1едужу дена, нагахь дийна велахь дедена а. ц1е тилларх лаьцна цхьа стихотворени ю дикаев мохьмадан. цу т1ехь винчу к1антана ц1ераш къестош ден доттаг1ий бохкуш, цхьана воккхачу стага олу:

Популярно: Математика