Есть ответ 👍

Сочинение на чеченском языке"дицлур доцу аьхкенан де".

113
411
Посмотреть ответы 2

Ответы на вопрос:

Comalia
4,8(49 оценок)

дахарехь наноша леладо маь1на 1аламат доккха ду.уггаре коьртаниг –иза ю вайна дахар делларг. дуьххьара вай олу дош ду «нана»

нана ма ю,шен сина эшам а беш, вай кхетош, вай кхиош, вай нисдеш, вайх нах деш ерг а, даккхий хилча а т1ехь, хьоьстуш, шен т1ома к1ел ийзош. х1ора беранна шен нана дуьненал сийлахь а, ломал лекха а, маьлхан нуьрал хаза а, шовданал ц1ена а хета. доьзалан марзо а ненехь ю. нана ю доьзална юккъехь бартбийриг а, х1ораннан амалш к1адъеш, церан юкъаметтигаш, церан уьйраш хер ца йолуьйтуш,х1оранна а шен-шен меттиг д1аелла, эвхьазлонах, эхьах, бехках, вовшийн хьог1ах, гамонах ларбеш, церан нийса накъост хилла, кертан а, кхерчан а 1у хилла лаьтташ ерг.

вай дахаран шуьйрачу новкъа доху наноша .т1аккха шен доьзалхо маца ц1а вог1у-те бохуш,б1аьрса артдаллалц некъ ларбеш 1а наной. сан ненан марзонах дуста х1умма а дац..и йоцуш муха хир дара хаац суна я хаа а ца х1утту. дахарехь цхьа хазахетар хилча, иза декъа нана лоху вай. цхьа халахетар, цхьа цатам хилча ненах дагадовлу вай. дог доьхначу хенахь ненехь синтем карабо. охьакхетта ког-куьг лазийча, цхьа сиркхо хьакхаелла цомгуш хилча, нанас куьг хьаькхча, цо хьаьстича, лазар дайло. веза-воккхачу дала шен къинхетамах ма йоккхийла цхьа а нана!

хаттар х1утту сан даг чохь: там хир барий техьа суна нана йоцчу кхечуьнгара? х1ан-х1а. иза сан нана ю: дуьненан марзо, б1аьрган серло, маьлхан нур. иштта сан марзонах йоьллачу сан нанна а синтем ца хуьлу со юьзна а, елаелла а ца хилча. мосазза мерзачу набарх юьйлуш, шен г1ийлачу узамца охьайижийна цо со.нагахь со сиркхо хилча , г1айг1анах кийра бузу ненан. ша мел сиха, юькъачу г1овг1анашкахь ялларх, беран аз кхочу ненан лере, мел генахь хиларх. шен берах а яьлла лелалур ярий техьа нана? яцара аьлла хета суна. бер- ненан сих схьадаьлла ма ду. шен дег1ан са а берал мерза хир дац нанна.

нана-хьо дика ю,дог-йовхо хьоьца ю

халонна к1елхьара бералла ахь доккху,

хало чу хьаьвзина ткъевнаца дохк ярах

нана,

нанна бер хаза г1ан санна деза ду. и доккха хиларе сатуьйсуш, багара церг ларъеш, ткъа дуьххьара и карийча мел хаза кхаъ кхочу нене.нанас берана 1амабо шен къоман сийлахь мотт.цундела нанна беран марзо йоккха ю массо исбаьхьаллел. юха а сулейманов ахьмада яздинчу мог1анаша шайна т1е йоьху сан дог-ойла. мел деза ду суна уьш,цара къеггина гойту ненан хьоме аматаш:

- сийлахь нана! хастам хьуна!

берийн доьха яьхна хьо!

генах хиларх, тхаьш мацделча,

хьан комаьрша куьйгаш го.

нана, хьан юьхь т1ера хершнаш-

уьш хьан берийн некъаш ду.

хьан камаьршой,къинхетаммий,

хан мел ели, хьекъаш ду.

ялсамане, цхьанхьа елахь,

vikaSnal87
4,4(19 оценок)

Два друга как то на охоту собрались. собрали рюкзаки, поклажу.  в лесу их ждал плохой сюрприз: медведь навстречу шёл отважно. никто не смог достать ружьё. от страха затряслись коленки. медведь уж рядом, а друзья стоят и ждут, что будет дальше. один дружок пустился наутёк,  второй остался ждать развязки. медведь всё шёл и шёл вперёд,  а друг стоит, не шевелится. он даже не успел понять,  что он остался без поддержки. друг оказался и не друг,  а просто трусом и беднягой. медведь прошёл, оставив человека. друг выдохнул, спустил рюкзак. вот получается как вышло: был друг и вдруг уж нет. запомните мораль такую: что если вдруг попав в беду,  не бросьте друга одного. идите с ним вы до конца,  ведь этим дружба и крепка.

Популярно: Литература